Кхолламо кечдина са дахар хьоьца
Къоналли безамо дог хьоьстуш хенахь
Реза ю хьомениг сатуьйсуш яха
Хьоьца бе ца лоьху аса сай дахар


Припев:
Теша со декъал беш са мерза безам
Вог1ур ву со йолче са хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даим хьежар
Ас дагца ларбо вай безамах тешам тешам


Мехкаршна юккъехь са ирсан кхаж белла
Хьа х1усмехь сий хилла ехар ю аьлла
Хьа ц1ина ц1е ларъеш ехар ю теша
Волахьа хьомениг са дега беша


Припев:
Теша со декъал беш са мерза безам
Вог1ур ву со йолче са хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даим хьежар
Ас дагца ларбо вай безамах тешам
Взято с сайта - RU.GL5
Са х1усман денош хир ма ду шийла
Хьо вог1уш ца хилахь безамца суна
Хууш ю денош д1аоьхур ду хийла
Ас ирс сай лардийр ду д1адала хьуна

Припев:
Теша со декъал беш са мерза безам
Вог1ур ву со йолче са хьоме везар
Эрна хир дац хьоьга со даим хьежар
Ас дагца ларбо вай безамах тешам тешам

Комментарии