Мотт сецна хиларх со даго шеха кхетор вара хьо
Б1аьрзе ца хилча хьо цуьна серло муха олу ахь ца го
Са б1аьргаш ойлани куьзга хилла хьоьга хьоьжура
Маржа я1, царна чохь долу йоза х1унда ахь ца доьшура
Са б1аьргаш ойлани куьзга хилла хьоьга хьоьжура
Маржа я1, царна чохь долу йоза х1унда ахь ца доьшура
Взято с сайта - RU.GL5
Са даго даима хьо бе хьехош х1умма дацара
Алахьа хьа дагна цуьна эшар х1унда хезаш яцара
Безама ойланаш доьху соьца ахьа екъахьа
Хьо бахьнехь хилийта йоккхаеш со ирсе декъала

Гергарло хьоьца бе кхолламо ца юьту леха со
Са дагах тесна ц1е лах яла ца юьтуш хьийзайо
Безаман сий а дай цкъа мукъне са дог ахь эцахьа
Хьай дагна эшам бай кхоллам д1а ма хецахьа
Безаман сий а дай цкъа мукъне са дог ахь эцахьа
Хьай дагна эшам бай кхоллам д1а ма хецахьа

Комментарии