Седарчий жайна ас доьшу
Д1атийна, малделла латта.
Хьо суна мел ч1ог1а оьшу
Волахьа со йолчу хатта.


Буса наб суна ца кхета
Ц1е летта сан кийра богу.
Хьуна со ма хийра хета
Лекха ду юккъера ога.


Хьуна со ма хийра хета
Лекха ду юккъера ога.


Сан ойла хьо волчу г1ерта,
Ахь луьра чехайо иза.
Дерриге некъаш хьан кертахь
Хунда ву хьо т1аккха къиза?


Хьан б1аьргаш стигланаш сийна
Мел хьежарх ца до уьш к1орда.
Хьо ларвеш со дукха 1ийна
Сан безам шорталла х1орда.


Хьо ларвеш со дукха 1ийна
Сан безам шорталла х1орда.


Со хьоьга хьоьжур ю хийла
Къовлур ду жима дог буйна.
Реза ю д1алела г1ийла,
Хиъчана дуьненчохь вуйла.
Взято с сайта GL5. RU
Седарчий жайна ас доьшу
Д1атийна малделла латта!
Хьо суна мел ч1ог1а оьшу,
Волахьа со йолчу хатта.


Хьо суна мел ч1ог1а оьшу,
Волахьа со йолчу хатта.

Хьо суна мел ч1ог1а оьшу,
Волахьа со йолчу хатта.

Комментарии